Амина Ахмадова Вай нохчи к1ант M95


Слова песни Вай нохчи к1ант M95 - Амина Ахмадова читать онлайн

Исполнитель: Амина Ахмадова

Название: Вай нохчи к1ант (M95)

Просмотрено: 431

Другие песни исполнителя Амина Ахмадова

Текст песни:

Марша я хьо дела1, вай Дела суьйре
Хьа дуьхьа хаз елла х1ар дашо гуьйре
Кхуза вай даьхкина сийлахь к1ант вазава
Довха дешнаш олуш цуьн дикне хьийза

Ва марша вайла хьо, ваха хьо маьрша
Дуьненчохь ц1е йоккху вай нохчий к1ант
Вай неха дог ойъуш, мехка кхерч лар а беш
Волчу хьоьх даккхи до, вай нохчи к1ант

Ахь бечу хьехамаш нийса некъ гойтуш бу
Жима а, воккха а имане кхойкхуш ву
1илма хьай сов дохуш, бакъ дериг чаг1 деш ву
Хьай ц1енчу даггара дикниг хьо лууш ву

Ва марша вайла хьо, ваха хьо маьрша
Дуьненчохь ц1е йоккху вай нохчий к1ант
Вай неха дог ойъуш, мехка кхерч лар а беш
Волчу хьоьх даккхи до, вай нохчи к1ант

Нохчаллехь вохуш ву, дог яхье дуьллуш
Ше некъах вухуш вац лакхенаш йохуш
Амма и реза ву кхолламан декъах
Аллах1о къасторна иман, ислам хьехо

Ва марша вайла хьо, ваха хьо маьрша
Дуьненчохь ц1е йоккху вай нохчий к1ант
Вай неха дог ойъуш, мехка кхерч лар а беш
Волчу хьоьх даккхи до, вай нохчи к1ант

Возможно, вам понравятся также:

Амина Ахмадова - Вай нохчи к1ант (M95)


Комментарии:

Добавить комментарий



Каптча: