Ризавди Исмаилов и Рашана Алиева Сан б1аьргин нур New 2015 [M95]


Текст песни Сан б1аьргин нур New 2015 [M95] - Ризавди Исмаилов и Рашана Алиева читать и слушать онлайн

Исполнитель: Ризавди Исмаилов и Рашана Алиева

Название: Сан б1аьргин нур (New 2015) [M95]

Просмотрено: 571

Другие песни исполнителя Ризавди Исмаилов и Рашана Алиева

Текст песни:

I. Сан даго ирсе хьал шен дуьйцу
Хьо яйчи хуьлу хазахетар
Сан са хьан амато д1алоьцу
Сан ойла, вайшиъ цхьана кхета

Припев
Б1аьстено басарш ца кхоийна
Хьан хазалла безамах къаго
Сан ойла ас хьоьхь ца лачкъийна
Лууш ву со безамах вага (2 раза)

II. Сан дахар доза доцу безам
Ас хьуна цхьанна лерина
Цу дахаре вига ца везаш
Хьо соьца веха даимна

Припев
Сан б1аьргашчу догучу хьуна
Цкъа мукъне хьажий кхетахьа
Са дуьне дахар ирс хьо дуйла
Де - буьйса дуйла хьан дуьхьа (2 раза)

III. Хьо массо хенахь ас ларйина
Хьо гуча яларе сатуьйсуш
Ахь доь1у са ас дагардина
Сай дега пхенаьх безам туьйсуш

Припев
Б1аьстено басарш ца кхоийна
Хьан хазалла безамах къаго
Сан ойла ас хьоьх ца лачкъийна
Лууш ву со безамах вага (2 раза)

IV. Ахь массо хенахь со ларйина
Кху хене яьлла ларвеш хьо
Безамах яга реза хилла
Йовр йоцчу ц1арах йогу со

Припев
Сан б1аьргашчу догучу хьуна
Цкъа мукъне хьажий кхетахьа
Сан дуьне дахар ирс хьо дуйла
Де - буьйса дуйла хьан дуьхьа (2 раза)

Ризавди Исмаилов и Рашана Алиева - Сан б1аьргин нур (New 2015) [M95]


Комментарии:

Добавить комментарий



Каптча: