Али Димаев Б1аьсте ер ю


Слова песни Б1аьсте ер ю - Али Димаев читать онлайн

Исполнитель: Али Димаев

Название: Б1аьсте ер ю

Просмотрено: 2601

Другие песни исполнителя Али Димаев

Текст песни:

Б1есте ера ю - дуьне хазлур ду
Стигала кхийдаш, делалур ду лаьмнаш
Дуьне хаз дан ас х1у дуьтур ду
Сайна т1ехул т1аьххьар лесташ генаш.

Бода чехош 1уьйре йог1ур ю
Стигала даре ц1арца серла доккхуш
Адмий дагчоьхь ас х1у дуьтур ду
Дийначара т1аьххьар сай ц1е йоькхуш.

Ас делхийна иллеш хьолхур ду
Сан къиношна Деле гечдар доьхуш
Ас адмашна г1ониг гечдийр ду
Со везначий хьомсар б1аргаш лоьхуш.

Лаьмнаш дузош дог1а доьлхур ду
Дуьне мадду хаза ялташ хьекъаш
Ас адмашна иллеш дуьтур ду
Сайна т1ехул т1аьххьар стигал екаш.

Б1аьсте ера ю - дуьне хазлур ду
Стигала кхийдаш делалур ду лаьмнаш
Дуьне хаз дан ас х1у дуьтур ду
Сайна т1ехул т1аьххьар лесташ генаш.

Али Димаев - Б1аьсте ер ю


Комментарии:

Добавить комментарий



Каптча: